Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо кхелахочуьнга дІавала кечвеллачуьнца, шаьш цига дІакхачале, катоххий барт бан хьажа, куьйге а гІо. Ахьа иза ца дахь, хьан довхочо хьо кхелахочуьнга дІалур ву, ткъа цо гІаролхочуьнга а велла, набахти чу кхуссуьйтур ву. Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тІаьххьарчу шайнна тІекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дІаделла а бен». Шаьш довхочуьнца кхел ян доьлхуш, новкъахь цуьнца берта даха хьовса, хІунда аьлча цо шу кхелахочунна тІе далор ду, кхелахочо гІароле дІалур ду, юха шу набахте кхуьссур ду. Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тІаьххьарчу шайнна тІекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дІаделла а бен». хІунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дІакъастийна а ву. Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Іийсас нах къинойн олаллех паргІатбахар бахьана долуш. Делан Дезачу Синна хала ма хетийта. Дала шуна тІе тоьхна мухІар ма ду Иза, паргІатдахаран денна тІекхаччалц.
Выбор основного перевода