Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса шайна тІедиллинарг дерриг а лардар а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тІекхаччалц». Іийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гІур ду, ваьшна хІусам а йийр ю цигахь. КІийрандийнахь тхо бепиг дохо цхьаьна гулделча, ПахІала къамел дира тхоьца. ШолгІачу дийнахь дІаваха ойла йолуш волу иза буьйса юккъе яххалц Іийра хьехамаш беш. Сан динан вежарий! ЖамІ а деш, суна ала луург хІара ду. Шу цхьаьна гуламе гулделча, шун хІораннан а хуьлу я назма, я хьехам, я Дала довзийтина хІума, я тамашийначу маттахь болу хаам, я шух цхьаммо цу хааман маьІна дуьйцу. Аша мел дийриг а шун динан тобанан чІагІонна хуьлийла.
Выбор основного перевода