Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхаим вийначунна ворхІазза бекхам хуьлуш хилча, со вийначунна кхузткъе вуьрхІиттазза а бекхам хир бара». Къинах долчу сагІина йийначу старгІица диннарг дан деза кху старгІица а. Иштта динан дас царна тІера къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала царна гечдийр ду. Амма тхан дай кура дегнаш долуш а, юхахьара а бара. Хьан весеташка ла ца дуьйгІира цара. Хьуна къера хила царна ца лиира. Ахьа шайн дуьхьа мел дина тамашийна гІуллакхаш царна дицделлера. Шайн куралла бахьана долуш, хьаькам хаьржира цара, шайн лоллехь хиллачу метте уьш юхаберзорхьама. Амма нахана гечдо Дела ма ву Хьо! Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву, Хьо атта оьгІаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а ву. Ахь уьш дІа ца тесна, шайна дашо эса а дина, цара: „ХІара ву тхо Мисар-махкара арадаьхна волу Дела!“ аьлча а, цара чІогІа Іеса къамел дича а. Хьо чІогІа къинхетаме хиларна, Ахьа уьш яьссачу аренгахь а дІа ца тесира. Дийнахь царна некъ дІагойту мархин бІогІам дІа ца хьулбира Ахь, буьйсанна уьш схьабан безаш болу некъ серлабоккху цІеран бІогІам а дІа ца баьккхира Ахь. Уьш Іаморхьама Хьайн дика Са дІадели Ахь. Саццаза Хьайн кхачанийн буьртигаш дІалора Ахь царна, церан хьогалла дІаяккха хи а лора. Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула уьш лелаш а бара, царна мел оьшу хІума Ахь кхочуьйтура. Церан бедарш а ца тишлора, когаш а ца бестара. Ахьа царна пачхьалкхаш а, халкъаш а делира, царна гонахара долу, геннара латтанаш а тІехь дІадийкъира. Хьешбонарчу паччахьан Сихьонан латта а, иштта Башанарчу паччахьан ІовгІин латта а шайн дола даьккхира цара. Церан тІаьхье Ахь, стигалара седарчий санна, дебийра. Церан дайшна Айхьа, шерет дина, латта лур ду элира, ткъа уьш оцу лаьтта тІе схьабалийра Ахь. Цу лаьтта тІе а баьхкина, цара иза дІалецира. Ахьа цаьрга цу лаьтта тІехь Іаш болу канаІанхой эшабайтира. Цигара халкъ а, церан паччахьаш а, кхидолу къаьмнаш а церан кара дІа а делла, Ахьа цаьрга шайна луъург дайтира царна тІехь. ЧІагІйина гІаланаш а, токхе латтанаш а цара схьалецира. Хьолах дуьзна долу цІенош а, яьхна гІунаш а цара шайн дола ехира. Иштта кемсийн а, зайт-диттийн а, стоьмийн а бошмаш цара шайн дола ехира. Уьш Іаббалц дууш, берстина дІахІиттира, Ахьа шайна деллачу массо а беркатах марзо а оьцуш. Амма уьш, карзах а бевлла, Хьуна дуьхьалбевлира! Ахь беллачу товрат-хьехамаш тІера уьш дІабирзира. Хьан пайхамарша уьш чІогІа боьхура, Хьуна тІе юхаберза бохуш, амма цара и пайхамарш байира. Тхан дайша Хьуна дуьхьал Іеса къамелаш дора, цундела Ахьа церан мостагІашна уьш дІалацийта пурба делира, ткъа мостагІаша царна дукха зуламаш а дира. Амма шайна тІе зулам деача, тхан дай Хьоьга орца доьхуш дІахІиттира. Стигалахь волчу Ахьа цаьрга ла а дугІура, Хьайн боккхачу къинхетамца уьш кІелхьарбохурш а лора, ткъа цара уьш мостагІийн зуламах кІелхьара а бохура. Амма синтем юха-ма-бирззинехь, тхан дайша юха а Хьуна зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Цундела церан мостагІийн карахь уьш битина Ахь, цаьрга хІокхарна тІехь олалла дайтархьама. Амма цара, юха а бирзина, Хьоьга гІо дехча, стигалахь волчу Ахьа, церан дехарш а хезна, юха а Хьайн боккхачу къинхетамца дукхазза а гІо дира царна. Ахьа цаьрга дІахьедора, Хьайн товрат-хьехамашна тІе юхадерза дезар дІахоуьйтуш, амма цара, кура а бевлла, Хьан весеташ дІатеттира. Ахьа тІедиллинчарна дуьхьал къинош летийра цара. Делахь а, уьш лардийриг церан гІоьнца вехар вара. Бухахьа а бевлла, Хьох дІа а бирзина, дегнаш чІагІ а дина, Хьоьга ла ца дуьйгІира цара. Хьо тхан дайшца чІогІа собаре вара. Дуккха а шерашкахь царна садиттира Ахьа. Хьайн пайхамарш Хьайн Синехула иракара а хІиттийна, оцу пайхамаршкахула царна дІахьедора Ахь. Амма цара ла ца дугІура, цундела Ахьа уьш кхечу къаьмнийн кара дІабелира. Амма Хьайн боккхачу къинхетамца Ахьа уьш массо а хІаллак а ца бира, уьш Ахьа дІа а ца тесира, хІунда аьлча Хьо дика а, къинхетаме а Дела ву! Ткъа хІинца, тхан Дела, ва сийлахь Дела. Хьо Майраниг а, ларамах дузуьйтуш Верг а, вайна юкъахь болу безаман барт Ларбийриг а ма ву! Хьуна хьалха кІезиг ма хетийла оха а, тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а, тхан динан дайша а, тхан пайхамарша а, тхан дайша а, дерриг а Хьан халкъо а хьоьгуш болу бала. И бала Ашур-махкарчу паччахьашна тІера дуьйна хІара де тІекхаччалц оха хьоьгуш бу. Массо а тхуна тІехІоьттинчу хІуманна тІехь Хьо нийса хилла! Хьо тешаме хилла, оха харцдерг лелийнехь а. Амма Къинхетаме волчу Цо, церан къиношна геч а дора, уьш хІаллак а ца бора. Дукхазза а Шен оьгІазвахар царна тІера дІа а доккхура Цо, Шен дераллина некъ а ца лора. иза Сан цІий ду шуна, Делаца бина барт чІагІбеш долу, дуккха а нах къинойх цІанбархьама Іенар долу! Церан Шех тешар гича, цомгушчуьнга Іийсас элира: «Сан кІант, хьан къиношна гечдина». Цигахь хиъна Іаш масех Іелам стаг вара. Шайн дагахь цара бохура: «Иза хІун ду те хІокху стага дуьйцург? Цо ма Іеса къамел до. Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?» Цу сохьта, церан дог-ойла хууш, Іийсас цаьрга элира: «ХІун ойланаш ю аша йийраш? Цомгушчуьнга ала хІун ду атта: „Хьан къиношна гечдина“, я: „ХьалагІатта, хьайн мотт-гІайба а эций, дІагІо“? Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КІентан дуьнен тІехь къиношна гечдан олалла дуйла». ТІаккха цомгушчуьнга Іийсас элира: Шаьш ларлолаш! Нагахь хьан вашас къа латадахь, бехк баккха цуьнгара, амма иза дохковалахь, гечде цунна. Нагахь хьан вашас дийнахь ворхІазза хьуна дуьхьал къа латадахь, амма ворхІаззе а хьо волчу а веана: „Со дохковаьлла“, – алахь, гечде цунна».
Выбор основного перевода