Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Амма, хІокху Сох тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга цхьаммо къа латадайтича, цунна гІоле яра, шен коча хьеран тІулг а оьллина, ша хІорда чу кхоссийтича. Іийсас элира Шен мурдашка: «Стаге къа латадойтуш долу хІума тІе ца догІуш дуьсур дац. Амма декъаза ву ша бахьана долуш нахе къа латадайтина стаг. Делах тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга къа латадойтучул, хьеран тІулг, коча а оьллина, ша хІорда чу кхоссийтар гІоле ю цу стагана. ХІинца чул тІаьхьа вовшийн бехке ма де вай. Цул сов, вай ларло вешан динан вежаршна къинош лето а, уьш галбовлийта а меттиг ялийтарх а.
Выбор основного перевода