Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со дегІаца шу долчохь вацахь а, сайн синца шу долчохь волу дела, аса шуьца волуш санна кхел йина цу тайпана сийсаза лелаш волчунна. Веза Эла волчу Іийсан дуьхьа шу цхьаьна гулделлачу хенахь, сан са а хир ду шуьца, тІаккха вайн Веза Эла волчу Іийсан олаллица цу тайпана верг иблисан кара дІало, цуьнан синан лаамаш хІаллак а байтина, Везачу Элан дийнахь цуьнан са кІелхьардалийтархьама. ХІунда аьлча сан хІун гІуллакх ду динан тобанан юкъа ца богІу нах бехке бан? Царна Дала Ша йийр ю кхел. Амма динан тобанна юкъавогІург бехке озо ца веза ткъа аша? Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «Телхина леларг шайна юкъара дІаваккха». Нагахь санна динан вешица шайн къовсам хилча, шух мила гІур вара, Делан нах а битина, Делан лаамехь боцучаьрга шайна кхел яйта? Шуна хууш дац ткъа, Делан наха йийр юйла дуьненна а кхел? Нагахь шуьга дуьненна а кхел йойтур йолуш хилча, шайн кІезиг долчу гІуллакхашна кхел ян говзалла яц те шун? Шуна ца хаьа, вай йийр юйла маликашна а кхел? ТІаккха дахаран гІуллакхашна тІехь еш йолу кхел-м муххале а вай йийр ю. Ткъа аша цу гІуллакхашна тІехь а динан тобанна юкъахь цхьа а ларам боцучу арахьарчу нахах шайн кхелахой бо! Шуна эхь хетийтархьама боху ас хІара: шайн динан вежаршна юкъахь болчу къийсамашна кхел ялур йолуш волу цхьа а хьекъале верг вац те шуна юкъахь? Делахь а вашас шен динан ваша а вуьгу кхел яйта. Иштта тешар доцучаьрга тешаш болчарна тІехь кхел йойту аша! Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Іийсан цІарах весет до оха, аша тхоьгара тІеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дІакъаста аьлла. Нагахь санна шух цхьаъ оха яздина весеташ кхочушдеш вацахь, иза билгалваккха. Цунна эхь хетийтархьама, цуьнца юкъаметтиг ма хилийта. Ишттачарна даг чу куралла йоьссина. Царна хІумма а ца хаьа. Къовсабаларан а, дашах лаьцна къийсаме къамелаш даран а цамгар кхетта бу уьш. Ишттачух долало хьагІ хилар, девнаш дахар, вовшашна лер, мекара шеконаш хилар. Хьекъалх телхинчу нахана юкъахь хуьлу и къийсарш. Билггал бакъдолчунна гена бу уьш. Динах шайна цхьа са ер ю моьтту царна. Цкъа а, шозза а айхьа хьехамаш бина болу нах бекъаболуьйтург Іадвита,
Выбор основного перевода