Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Іийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчеххий, Іилманчеххий и хІума къайла а даьккхина, бер санна, догцІеначарна Ахьа иза дІаделларна. Іийсас жоп делира цуьнга: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, адам юха шолгІа ца кхолладелча, хаалур дац цунна Делан Олалла». Нукха-Демис элира Іийсага: «Цкъа къанделла адам шолгІа муха кхоллалур ду? Юха шен ненан кийра а ваьлла, кхоллавала-м ца веза иза?» Іийсас жоп делира: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, нагахь санна адам хих а, Делан Синах а кхолла ца делча, тІелоцийла дац цуьнан Делан Олалла. Дакхош долу бераш шуьрех санна, синан кхача болчу цІеначу дашах хьага, цуьнан гІоьнца шу даккхий а хилла, шун кІелхьардовлар чекхдалархьама,
Выбор основного перевода