Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шух доллучу массо а вонца цхьаьна шайна тІера муьлхха а кхоьлина хилар а, дералла а, оьгІазло а, мохь хьекхар а, вониг алар а дІадаккха. Амма вовшашца дика а, къинхетаме а хила. Дала шуна Ша леррина Къобалвинчуьнгахула гечдаре терра, шу а вовшашна къинтІера довла. Дала даздинарш а, Цуьнан хьоме хаьржинарш а шаьш хиларна, къинхетамах, диканиг дарх, ша-ша лахара хетарх, эсалаллех, собар хиларх дуьзна хилалаш. Вовшех кхеташ хилалаш, нагахь санна цхьаъ вукхунна дегабаам болуш велахь, вовшашна гечделаш, Везачу Эло шайна гечдаре терра.
Выбор основного перевода