Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Деле диэха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неІ тоха, иза дІайоьллур ю шуна, Аша доІанехь Делах тешарца доьхуш мел дерг а кхочуш хир ду». Цундела боху шуьга: дерриге а шайн доІан тІехь аш мел доьхург делла хиларх тешаш хила – тІаккха аш доьхург лур ду шуна. Нагахь шу Соьца а хилахь, Сан дешнаш шуьца а хилахь, шайна луъург дерриге а деха, иза хир ду шуна. ТІаккха цу дийнахь хІумма а хоттур дац аша Соьга. Баккъалла боху Ас шуьга: нагахь Сан цІарах цхьа хІума аша Дега дехахь, лур ду Цо шуна. Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду. Цу кеппара майранаш а хила беза шайн зударшца дика, уьш гІорасиза хилар а хууш. Уьш лара, хІунда аьлча божаршца цхьаьна дахаран совгІат кхочу цаьрга. ТІаккха шун доІанашна дуьхьало еш хІумма а хир дац. ТІаккха, Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Делан лаамехь вай леларна, хІуъа а вай дехнарг лур ду Цо вайна.
Выбор основного перевода