Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма шуна юкъахь хила ца деза иштта. Шух уггар лакхара хила лууш верг шун ялхо хила веза. Шух хьалхара хила лууш верг шун лай хила веза. Шуна юкъара уггар лакхара верг шун ялхо хуьлийла. Ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг хьалаваьккхина хир ву. Амма шуна юкъахь ма хуьлийла иштта. Ткъа шуна юкъахь лакхара хила лууш верг шун ялхо хуьлийла, я шун юкъара ша хьалхара хила лууш верг массеран а лай хуьлийла. амма шу иштта хир дац. Мелхо а, шуна юкъахь лакхара верг жиманиг санна хила, ткъа хьаькам верг – ялхо санна хила. Цундела Делан нуьцкъалчу куьйга кІел дуьйла, Цо Шен хенахь ойур ду шу.
Выбор основного перевода