Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дага чохь хьайн веше хьагІ йолуш ма хила, амма шегара даьллачух хьайн уллораниг кхетаве, хьо-хьуо бехке ца хилийтархьама. Шаьш ларлолаш! Нагахь хьан вашас къа латадахь, бехк баккха цуьнгара, амма иза дохковалахь, гечде цунна. Нагахь хьан вашас дийнахь ворхІазза хьуна дуьхьал къа латадахь, амма ворхІаззе а хьо волчу а веана: „Со дохковаьлла“, – алахь, гечде цунна». Динан вежарий! Нагахь шух цхьаъ ларамаза къино лаьцнехь, аша, Делан Сино лелош долчара, шайн эсалчу амалца нисве иштаниг, амма, хьовсалаш, шаьш къиношка ца зейта. Дала леррина Къобалвинчо тІедиллинарг кхочушдархьама, дахаран мохь базбелча, вовшашна гІо де. Делан Дезачу Синна хала ма хетийта. Дала шуна тІе тоьхна мухІар ма ду Иза, паргІатдахаран денна тІекхаччалц. Шух доллучу массо а вонца цхьаьна шайна тІера муьлхха а кхоьлина хилар а, дералла а, оьгІазло а, мохь хьекхар а, вониг алар а дІадаккха. Амма вовшашца дика а, къинхетаме а хила. Дала шуна Ша леррина Къобалвинчуьнгахула гечдаре терра, шу а вовшашна къинтІера довла. Вежарий, нагахь шух бакъдолчун новкъара ваьлларг цхьаммо нисвахь, цунна дІахаийла, харц новкъара къа латийнарг нийсачу новкъа ваьккхинчо лечуьра са кІелхьар а доккхур ду, дуккха а къинош дІа а къовлур ду.
Выбор основного перевода