Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Цхьа эзар ши бІе гІудалкх а, кхузткъа эзар дошло а валийра Шушакха шеца. Ткъа цо Мисарара далийна эскар-м дагар а ца далора. Царна юкъахь ливахой а, сукхихой а, хушахой а бара. Хушахой а, ливахой а хьан болчул сов ницкъ а, вуно дукха гІудалкхаш а, дошлой а болуш бацара ткъа? Амма хьо Везачу Элана тІетевжаш хилла дела, Цо уьш хьан карабеллера. Сагалматийн тІемийн гІовгІанах дуьзна долчу а, Хуша-махкарчу хишна дехьа долчу а лаьттан къа ду. Хуших дегайовхо хилларш а, Мисарах дозалла динарш а кхоьруш а хир бу, юьхьІаьржа а хІуьттур бу. Дошлой, говраш тІе ховша! ГІудалкхаш чехка хахкийта! ТІемалой тІамана арабаха! Шайн турсашца болу хушахой а, пІатІахой а, иштта секхаІедаш дулуш болу лудамхой а, тІаме хІинца арадовла! Парси-махкара а, Луда-махкара а, ПІатІа-махкара а тІемалой бара хьан эскарна юкъахь, цара хьан цІенойн пенашна тІе шайн турсаш а, гІемаш а хьалаоьхкира, цара хьан сий а хьалаайира. Хуша а, ПІатІа а, Луда а мехкийн халкъаш а, Хуба-мохк а, дерриг а эделла долу халкъ а, иштта Дала ваІданца беллачу махкара бахархой а туьро хІаллакбийр бу’. Парсихойн а, хушахойн а, пІатІахойн а тІемалой а хир бу цаьрца, шайн турсашца а, гІемашца а. Мисар-мехкан дашо а, дато а, механа еза йолчу хІуманийн хазна а шен дола йоккхур ю цо. Лива-мехкан бахархой а, хушахой а цунна тІаьхьахІуьттур бу.
Выбор основного перевода