Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Ас дуккха а хьалха и дерриг а дагатесна хилар хьуна ца хезна те? Ширачу заманахь дуьйна цунах ойла а йина, хІинца иза Аса кхочушдина, чІагІйина гІаланаш хьоьгахула ясса а йойтуш, царах къапалгийн саьлнаш а йойтуш. Цу гІаланийн бахархой ницкъ а байна хилла, кхерамна бега а беш, царна тІе эхь деана. Арара буц я экам зІийдагаш санна бу уьш. Тхов тІехь хьалабаьлла бай санна бу уьш, кхиале берриг а марца а мерцина, малхбалера хьоькху бовха мох бахьана долуш. Токхечу тогІин коьрта тІехь долу а, маргІалдулу зезаг долу а и исбаьхьа хазалла заманал хьалха кхиинчу инжирах тера ю – хьалха гинчо, схьа а йоккхий, йоу иза. ЦІеххьана баьллачу чехкачу мохо инжиран дитташна тІера хилаза долу церан стоьмаш эгош санна, стигалара седарчий а Лаьтта тІе охьаийгира.
Выбор основного перевода