Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Шен совдегарш элий хиллачу, таьжнаш дІасадоькъуш хиллачу, мах лелош берш дуьненахь а бевзаш хиллачу Цора-гІалина хьанна дагадеана иза? ХІаранера а, Ханейра а, Іеданера а, Шебера а, Ашур-махкара а, иштта Килмадера а болчу совдегарша хьоьца мах лелабора. Цара хьуна еза бедарш а, сийна тІаргІа а, тІехь тІамарш йолу кІадеш а, бес-бесара кузаш а, чІогІа даьІна эхангаш а дахьара. Оцу гІалина хилларг бахьанехь боьлхуш а, гІайгІанехь а хир бу дерриг а дуьнен чуьра совдегарш а. ХІунда аьлча церан юхкуш йолу хІуманаш хІинца цхьаммо а оьцуш яц. Уьш яра дашо а, дато а хІуманаш а, деза тІулгаш а, жовхІарш а, дуткъачу кІадих йина хІуманаш а, таьІна-цІен долу кІадеш а, дареш а, цІарула-цІен бос болу кІадеш а. Иштта духкуш дара цара массо а тайпана хаза хьожа йогІу дечиг а, пийлан кІомсарех йина йолу тайп-тайпана хІуманаш а, уггар а дезачу дечигах йина йолу массо а тайпана хІуманаш а, цІаста а, эчиг а, шагатІулг а, хаза хьожа йогІу даьтта а, хаза хьожа йогІу кІур хьалабохуьйтург а, деза хьакхарш а, чагІар а, зайтдаьтта а, дама а, ялта а, бежанаш а, уьстагІий а, дой а, гІудалкхаш а. Иштта леш а, йийсар динарш а бара цара бухкуш. Цара эр ду: «Хьайн дола яха хьо хьегна мехала хІуманаш ерриш а хьан долара дІаевлла. Дерриге а сийлалла а, возалла а дайна, йиси хьо. Уьш кхин хир дац хьан». И массо а хІуманаш а юхкуш, мах лелош хилла болу, цунах хьал лакхадаьлла совдегарш, цуьнан баланех кхера а белла, гено дІахІуьттур бу. Боьлхуш а, гІайгІанехь а болуш, цара эр ду: «Къа ду хьан, ва йоккха гІала! Дуткъачу а, таьІна-цІечу а, цІарула-цІечу а кІадийн бедарш тІеюьйхира ахь. Дешин хІуманашца а, дезачу тІулгашца а, жовхІаршца а кечйора хьо. Цхьана сахьтехь хІаллакьхили-кх оццул дукха хилла долу хьал!» Массо а хІордкеманаш долахь берш а, хІордкеманашна тІехь болу некъахой а, кемалелорхой а, берриг а хІордаца доьзна йохкаэцар лелош берш а генна дІахІиттира. Цара, йогучу гІалин цІерах хьалаболу кІур а гина, элира: «Муьлха гІала яра те цу йоккхачу гІаланах тера?!» ТІаккха шайн кортош тІе ченаш тийсира цара. ГІайгІане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура: «Къа ду хьан, ва йоккха гІала! ХІордана тІехь долу массо а хІордкеманаш шайн долахь долчара оцу гІалин деза а, мехала а мел долчу хІуманах шайн хьал совдаьккхира. Ткъа хІинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дІахІоьтти».
Выбор основного перевода