Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Везачу Элан карахь цхьа кад бу, иза бецаш тоьхна кхехкаш болчу чагІарх буьзна бу. Лаьттан массо а Іесачарна Цо оцу кеда чуьра Іанадо, ткъа цара бухахь йолчу букъаршца цхьаьна дІамер ду и чагІар. Хьехашна чу а гІой, лаьтта бухахь къайладовла Везачу Элана хьалха болчу кхерамах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а. Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача. Самаялахьа, самаялахьа, гІаттахьа, Ярушалайм! Везачу Элан карара Цуьнан дераллин кад мелла ахь. Кад берриг а бассийна ахь, цо хьо тахкийна. Ахь мел бинчу кІенташна юкъахь цхьа а вацара хьо дІайига. Ахь мел кхиийначу берашна юкъахь цхьа а дацара хьан куьг схьалаца. Хьуна тІе ши бохам беана – хьан бийр бу хьуна синтем? ЧІанадаккхар а, хІаллакдар а, мацалла а, туьра кІел дахар а – и дерриге а хьуна тІе деана – хьан дог Ас хьаьнгахула оьцур ду? ГІелбелла хьан кІентий хІора ураман гола тухучохь Іохкуш бу. РечІано лаьцна сай санна бу уьш. Уьш Везачу Элан оьгІазаллах а, хьан Делан къематах а буьзна бу. ЛадогІа хІокху хІумане, бала хьоьгуш верг а, чагІар малаза вехна верг а. Иштта боху хьан Хьалдолчу Эло, Шен халкъ лардеш волчу хьан Дала: «Хьан куьйгара схьаоьцу Ас хьо тахкийна болу кад. Сан дераллах буьзна болчу хІокху кедара ахь кхин мер дац. Ас хьуна ницкъ биначеран кара лур бу иза. Цара хьоьга элира: „Охьайижа лаьтта, тхо хьайна тІехула дІасалелийта“. Ахь хьайн букъах латта а, урам а бира, нах тІехула лелийта». Аса, Везачу Элан карара кад схьа а эцна, цу чуьра Везачу Эло со тІевахийтина долчу массо а халкъашка малийтира. ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «ДІаала цаьрга иштта: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: Сан оьгІазаллин кедара дІа а молуш, даха а дехаш, схьаІеттаде, тІаккха охьа а эгий, кхин хьала а ма гІитта, шайна Аса даийтина долу тур бахьана долуш“. Сийлаллин метта, хьо сийсазаллех вуьзна. Мала а малий, хьайн сий дайна хилар гучудаккха. Везачу Элан аьтту куьйгахь болу кад хьуна тІекхочур бу, хьан сийнна тІе юьхьІаьржо йогІур ю.
Выбор основного перевода