Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Кхузткъе итт шо даьлча, Везачу Эло Цора-гІала, таІзар динчул тІаьхьа паргІатйоккхур ю. И гІала, юха а мах а беш, пайда оьцуш хир ю, дерриге а дуьнен чохь массо а пачхьалкхашца хир ю цуьнан хьарам уьйраш. Амма цІеххьана, цхьана дийнахь, и ший а хІума хьуна тІе догІур ду: хьан майра а, бераш а довр ду. Дерриге а хьан бозбунчаллашка хьаьжна доцуш, Ахь мел лелийначу молханашка хьаьжна доцуш, и хІуманаш кхоччуш хьуна тІе догІур ду. ДІаІе айхьа лелочу молханашца а, хьайн дерриге а бозбунчаллашца а, ахь жима йолуш дуьйна лелийна уьш. Цара хьуна гІо дан а там бу, цара хьан мостагІий Іадо а там бу. Шаьшшиъ къона йолчу хенахь дуьйна Мисар-махкахь церан нахаца лелаш хилла и шиъ. Мисар-махкахь церан накхош хьекхийна, куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Іийдина. ТІаккха шайн карахь ворхІ бога долчу ворхІ маликах цхьаъ суна тІедеара. Цо соьга элира: «ТІехилал! Ас хьуна гойтур ду, дуккха а долчу хишна тІе а хиъна, чІогІа сийсаза лелаш йолчунна дийр долу таІзар. Лаьттара паччахьаш а сийсаза лелара цуьнца цхьаьна. Лаьттахь бехарш а, цуьнан сийсаза леларан чагІар а муьйлуш, бехаш бара». ХІунда аьлча ша сийсаза леларна, Дела дарвеш долу чагІар малийна цо массо а халкъашна. Дуьнен чуьра паччахьаш а сийсазбевли цуьнца цхьаьна. Иштта дуьнен чуьра совдегарш а хьал долуш хилла дІахІиттира, цуьнан сов баккхий боьха лаамаш бахьана долуш».
Выбор основного перевода