Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Хин татолех вон хьожа йогІур ю. Мисар-махкара хин гаьннаш, жим а делла, лекъар ду. Эрзаш маргІалдулур ду. Нил-хин бердашна тІехь йолу ораматаш а, цигахь дІа мел дийна ялта а дакъалур ду. Мохо дІаса а даржийна, уьш кхин хир дац. Нил-хи чу мІара тосуш болчу чІерийлецархоша узарш дийр ду, уьш боьлхуш хир бу. Хи чу бойнаш тосуш берш дог дешна хир бу. Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Ас кестта таІзар дийр ду Ну-гІалахь волчу Амин-харцдалла а, иштта ПирІунна а, Мисар-махкана а, цуьнан деланашна а, паччахьашна а, пирІунах тешна Іаш мел болчарна а. Йокъа хІоттае Бавеларчу хишна тІе, уьш долу меттигаш якъа а еш, хІунда аьлча Бавел – цІуйн мохк бу, ткъа оцу дегазчу цІуша уьш хьерабоху. Дукха хишна уллохь Іаш йолу а, шортта хазнаш йолу а Бавел-гІала, хьан чаккхе тІекхаьчна, хьан дахар дІахеда хан тІееана. Цундела Везачу Эло боху: «Ярушалаймхой, Аса нийсонца къастор ду шун гІуллакх, ткъа шун мостагІашна бекхам бийр бу. Аса Бавелан хиш схьадовлу меттигаш а, цуьнан хин шовданаш а дакъор ду. Иштта ала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Мисар-мехкан паччахь волу пирІун, Со хьуна дуьхьал ву, хьо боккха саьрмик санна ву, хьан Нил-хин гаьннашна юкъахь Іуьллуш болу. Ахь боху: ‹ХІара Нил-хи сан ду, иза аса кхоьллина а ду›. Ас ПатІрус-кІошт яссор ю, ЦоІан-гІалина тІе цІе хьажор ю, ткъа Ну-гІалина кхел йийр ю. Ас Сайн оьгІазалла Мисар-мехкан Син цІе йолчу чІагІонна тІе йоссор ю, Ну-гІалахь дерриг адам а хІаллакдийр ду. Ас Мисар-махкана тІе цІе хьажор ю, ткъа Син лазаршка хьийзайойтур ю, Ну-гІала а хІаллакьхир ю, дийнан юккъехь Нуп-гІалина тІелетар бу мостагІий. Даха а гІой, Хална-гІалане хьовса, цигара сийлахьчу Хьамат-гІала дІагІо. ПІелаштамхойн Гати-гІала охьадисса. Аша боху: «Церан ницкъе хьаьжжина, царах цхьа а ЯхІудан а, Исраилан а пачхьалкхе ма ца кхочу!» Церан мохк боккха бац шун чул?
Выбор основного перевода