Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
ТІаккха Сисрин говрийн бергаш схьайогІуш яра, цара ден татанаш схьахезаш дара. Царна ницкъ болчу говрийн когийн татанаш хезар ду, гІудалкхаша еш йолу гІовгІа а хезар ю. Цу гІовгІана юкъахь дай шайн берашка дІахьажа а, царна гІо дан а кхуьур бац, хІунда аьлча гІора дІадаьлла болчу цара шайн куьйгаш охьадохуьйтур ду. Иза гІудалкхийн гІовгІанца санна, ча догуш лелха цІеран суйнаш санна, тІамана дІахІоттийна нуьцкъала эскар санна, лаьмнийн баххьашкахула хахкаделла лела. Церан эскархойн турсаш цІен ду. Церан тІемалой цІен духар дуьйхина бу. ЦІе санна лепаш ду церан гІудалкхийн эчиг тІамана кечам бинчу дийнахь, техкаш ю гоьмукъийн хьун. ГІудалкхаш урамашкахула дІасахьаьдда, майданашкахь къевкъа уьш. Царах, цІарах санна, лепар схьадолу, къега уьш, секхаІад санна. Куьйгалхочо шен тІеман хьаькамаш схьакхойкху, амма церан болар тийсало. ГІалин пенашна тІекхача сихбелла уьш, амма хІинцале а дІахІоттийна бу гІалин ков харцош болу бІогІам беттачеран ларйо хІума.
Выбор основного перевода