Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Самукъадаьллачу мохо, цунах кхаьрдаш, тІараш вовшахдетта, иза мел кхочучу меттехь цунна шок а етташ». Амма ашурхойн паччахьо иштта ойла ца йо, цуьнан дагахь иза ца хуьлу. Цуьнан Іалашо ю дуккха а халкъаш дакъазадаха а, хІаллакдан а. Цо боху: «Сан массо а баьччанаш паччахьаш бац ткъа? КІаркамиш-гІалина динарг Хална-гІалина ца дина те? Арпад-гІалина динарг Хьамат-гІалина ца дина те? Дамасакх-гІалина динарг Шамран-гІалина ца дина те? ЦІуйн карахь йолу пачхьалкхаш Аса схьаяхарна – ткъа оцу пачхьалкхийн цІуш Ярушалаймехь а, Шамран-гІалахь а болчу цІуйл нуьцкъала бара – Ярушалаймана а, цуьнан куьйга бинчу деланашна а Шамран-гІалина а, цуьнан цІушна а диннарг дийр дац Аса?» Цийон-лам тІехь а, Ярушалаймехь а Шен гІуллакх чекх а даьккхина, Хьалдолчу Эло эр ду: «Ашур-мехкан паччахьна таІзар дийр ду Аса, цуьнан курачу даго кхиийначунна а, цуьнан бІаьргаш дозаллех буьзна хиларна а». Цу паччахьо боху: «Сайн куьйган ницкъаца а, сайн хьекъалца а дина ас иза, хІунда аьлча со хьекъал долуш ву. Ас халкъийн дозанаш дІадаьхна, церан хьал схьадаьккхина. СтаргІано санна аса паччахьаш шайн гІанташ тІера чукхиссина. Сан куьйгаша халкъийн хьал, олхазарийн баннаш санна, схьаэцна. Баннаш чохь дисина хІоаш схьаоьцуш санна, схьаэцна ас дерриг а латта, цхьаммо а тІам меттах а ца баьккхи, я бага а ца гІаттий, я цхьа а гІовгІа а ца йи». Ва Веза Эла, бакъ ду-кх ашурхойн паччахьаша, и къаьмнаш хІаллак а деш, церан латтанаш а дассийна, qac Пqac*е а бетташ, гІалина уллохула мел лелачу наха хІинца куьйгаш шайн вовшах ма детта. Кортош а лестош, цара шакарш етта. Ярушалаймах лаьцна цара иштта хоьтту: «Шех хазаллин кхачамалла ду аьлла йолу гІала хІара ю те? Шех хазахетаран бохь бу аьлла гІала хІара ю те?» хІунда аьлча Шамранан чевнаш йоьрзур йолуш яц. Изза ЯхІуд-махкана а дІакхаьчна. Ур-атталла сан халкъан кевне, Ярушалайме а, кхаьчна иза». Иштта хилла дІахІуттур ю йоккхаеш хилла йолу, гІайгІа йоцуш яьхна йолу и гІала. Шен дагахь цо боху: «Со ю, со йоцург цхьа а хІума дац!» Мел яссийна меттиг хир ю иза, цунах акхаройн бен хир бу! Цунна тІех мел волучо: «Жолам-яІ», – олуш, шок а тухур ю, куьйгаш а деттар ду.
Выбор основного перевода