Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
ЦІазан хьалхарчу тобано диинчух диснарг шолгІачу арданго дуура, ткъа царах диснарг кхоалгІачу арданго дуура, ткъа царах диснарг йоьалгІачу арданго чекхдоккхура. Сан лаьтта тІе нуьцкъала а, барам боцуш дукха а цІазан эскар деана. Цуьнан цергаш лоьман цергаш санна ю, ткъа цуьнан мочхалш – стечу лоьман санна ю. Цунна хьалха дерг цІеро дагадо, цунна тІаьхьа дерг алуно морцу. Цуьнан хьалхара латта Іеданан беш санна ду, ткъа цунна тІаьхьарниг – яссийна аре ю. Цунах цхьа а хІума кІелхьардалалур дац. Шу долчу Ас тІехецначу эскаро – цІазан хьалхара арданго а, цІазан кхин мел йолчу ардангаша а – хІаллак мел динарг, Ас меттахІоттор ду. Хьайн эскаре хьажал! Хьан тІемалой зударех тера хир бу! МостагІий хьан махка чугІурту кевнаш шуьйра схьаделладелла лаьттар ду. Церан гІораш цІеро дІакхаьллина хир ду.
Выбор основного перевода