Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
хІунда аьлча Цо хьан кевнийн гІораш чІагІдо, хьуна чуьра хьан халкъ декъалдо. Цу дийнахь мисархой, зударий санна, кхерабелла хир бу. Массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал айинчу куьйгах кхоьруш, бегош хир бу уьш. «Со хьуна хьалхаваьлла дІагІур ву, лаьмнаш дІа а шардеш. ЦІестан кевнаш кегдийр ду Ас, аьчка гІораш отур ду. Тур тоха церан говрашна а, гІудалкхашна а, шайна юкъахь болчу тІелаьцначу тІемалошна а, уьш, зударий санна, кхоьруьйтуш. Тур тоха церан хазнашна, уьш хІонс санна дІаса а йохуьйтуш. ТІом бечуьра сецна Бавелан тІемалой, уьш чІагІйинчу меттигашкахь сецна Іаш бу. Ницкъ дІа а баьлла, уьш зударий санна хилла дІахІиттина. ГІаланийн зайлаш бохийна дІабаьхна, ткъа церан цІенош догуш ду. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Бавелан стаммий пенаш баххаш тІе кхаччалц дохор ду, цуьнан лекха кевнаш а цІерца дагор ду. Халкъаша къахьегнарг эрна хир ду, къаьмнаша бина болх цІеро багийна хир бу».
Выбор основного перевода