Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Хьузакх-ЯхІус, шен баьччанех а, тІеман хьаькамех а дага а ваьлла, гІалин арахула долу хин хьостанаш дІадукъар юкъадалийра. Цара и дан гІо дира Хьузакх-ЯхІуна. Дуккха а наха, гул а белла, кІоштахула долуш долу хьостанаш а, оьхуш долу хиш а дІадуькъира. Цара олура: «Кху метте шаьш баьхкича, хин шорто хІунда каро еза ашурхойн паччахьашна?» Мацаллех а, хьогаллех а шу далийтархьама, шуьга: ‘Вайн Везачу Дала вай кІелхьардохур ду ашурхойн паччахьах’, – бохуш, шу ледой те Хьузакх-ЯхІус? Шуна гира Даудан гІалин пенашна даьхна Іуьргаш. Лахарчу Іома чохь хи гулдеш дара шу. Ярушалаймерчу цІеношка а хьаьжна, шаьш къастийна цІенош дохийра аша, гІалин пенаш чІагІдархьама. Ширачу Іома чуьра хи, схьа а эцна, Іалашдархьама, шина пена юккъехь меттиг кечйира аша. Амма и дерриге а Хилийтинчуьнга шу ца хьоьжура, дуккха а хьалха и гІуллакхаш кхочушдан Къастийначун тидам ца бора аша. Бохам бийриг хьуна дуьхьалгІаьттина, ва Нунав-гІала! Іалашъе хьайн чІагІонаш, ларбе хьайна тІебогІу некъ, хьайн гІодаюкъ ехка, схьагулбе ницкъ.
Выбор основного перевода