Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Хьеран тІулгаш схьа а эций, дама ахьа! ДІадаккха хьайн йовлакх, хьалаайае хьайн коч. Голаш гучу а яхий, хийх дехьаяла. Хьан ерзина хилар гуш хир ду, хьан эхь нахана гучудер ду. Ас бекхам бийр бу, цхьаннах а къинхетам бийр бац». Ахьа хьайга хаттар дан мега: «ХІунда беана суна тІе хІара бала?» – аьлла. Дагар ца даллал дукха къинош летийна ахьа хьайх. Цундела хьан кучан юх яьттІа ю, когаш берзина а бу. И хІуманаш ахьа лелорна, Ас хьуна безна болу а, хьоьца лелла болу а берриге безарш а, хьуна ца безнарш а массо а маьІІера схьагулбийр бу. Царна хьалха хьан духарш охьадохур ду Ас, ткъа царна хьо ма-ярра ерзина дІагур ю. Цара гойтур бу хьуна шайн цабезам, цара, ахьа къахьегна даьккхинарг дІа а даьккхина, хьо ерзина юьтур ю. Хьан нахаца лелар а, боьха лелар а, кхахьпалла а массарна а гуш хир ду, хьо юьхьІаьржачу а хІоттош. ХІунда аьлча церан нана тешаме яцара, уьш дуьнен чу даьхнарг сийсаза лелара. Цо ша а олура: „Сайн безаргашна тІаьххье дІагІур ю со, цара суна бепиг а, хи а, тІаргІа а, вета а, даьтта а, маларш а луш долу дела“. Аса яссор ю цуьнан кемсийн таьллангаш, инжиран дитташ а дассор ду. „Суна сан безаргаша луш долу алапа ду хІара“, – олу цо царах лаьцна. Аса царах акха боьлак йийр ю, аренийн акхароша цоьстур йолу. «ХІинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! – боху Везачу Эло. – Хьан гІудалкхаш Ас кІур бина ягор ю. Хьан лоьман кІорнеш туьро юур ю. Хьан хІонс а дІайоккхур ю Ас лаьтта тІера. ХІинца чул тІаьхьа кхин хезар дац хьан геланчийн аьзнаш». Сийлаллин метта, хьо сийсазаллех вуьзна. Мала а малий, хьайн сий дайна хилар гучудаккха. Везачу Элан аьтту куьйгахь болу кад хьуна тІекхочур бу, хьан сийнна тІе юьхьІаьржо йогІур ю.
Выбор основного перевода