Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Церан бераш царна хьалха хьошур ду, церан цІеношкахь талораш дийр ду, церан зударий сийсазбийр бу. Ашур-мехкан паччахьо, Мисар-мохк а, Хуша-мохк а схьа а баьккхина, цигара къона а, къена а йийсархой дІабуьгур бу. Берзина а, когаш Іуьйра а хир бу уьш, ур-атталла церан вареш ерзина хир ю, Мисарна эхь хетийтархьама. qac Уqac*замаш беш кхайкхарца, буьйсанан хІора дакъа долалуш, Хьайн дагахь мел дерг а, хи санна, Іанаде Везачу Элана хьалха. Хьайн куьйгаш кховдаде доІанца Цуьнга, Хьайн берийн синош Цо Іалашдар доьхуш, Урамийн сенашкахь уьш мацалла лечу хенахь. Шамран-гІалане жоп доьхур ду, иза шен Далла дуьхьалъяьлла дела. Шамранхой туьро эгор бу. Церан бераш хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу». Цара Сан халкъах кхаж туьйсура, кІентий а дІалора нахаца лелачу зудчух, йоІ а чагІарх дІаюхкура, маларш а муьйлура. Церан хьал хийрачу наха дІахьочу дийнахь, кхечу къаьмнаша, церан кевнехула чу а девлла, Ярушалаймах кхаж тосучу хенахь, шу, царах долуш санна, юьстаха лаьттара.
Выбор основного перевода