Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Ахьа со тІаккха а модашна юккъе вуллур вара. Сан бедаршна а со дегаза хетар вара. Хьо гуш берш, хьоьга а хьоьжуш, ойла еш бу: „Иза вуй те и стаг, латта дегийнарг, пачхьалкхашна тІе кхерам тийсинарг, Бавел тІулгийн оьла хилла дІахІуттур ю, цунах чангІалкхийн бен хир бу. Бавел гича, нах къемате а хир бу, шок еттарца цунах кхаьрдар бу. Цхьа а стаг цигахь вехаш хир вац. Иштта Ас шу дерриг а халкъана хьалха дегаза а, юьхьІаьржа дина дІахІиттор ду, аша Сан некъаш лар ца до дела а, товрат-хьехаман гІуллакхаш тІехь аша озабезамаш лелабо дела а». Векалш долу тхо, Дала уггаре а лараме йоцучу метте дІахІиттийна аьлла хета суна. Массарна а хьалха хІаллакьхиларна кхел йинарш санна ду тхо. Кху дерриге а дуьненна хьалха тхох кхардам хилла – маликашна а, адамашна а хьалха.
Выбор основного перевода