Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Хьалдолчу Эло иштта боху: «Къа ду цІий Іанадечу гІалин. Иза мекханан томмагІаш тІехь долчу ех тера ю, шена тІера телхинарг дІа ца даьллачу. Цу чуьра дакъош схьадаха, царах кхаж а ца тосуьйтуш. Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Къа ду цІий Іанадечу гІалин. Ас-Айса йоккха цІе латор ю. КІорнеш тоъал юзорхьама катухура лоьмо, лом-нанна кхача балархьама са дукъадора, шен хьехаш ижух а юзуш, оьрнаш катоьхначух а дузуш. «ХІинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! – боху Везачу Эло. – Хьан гІудалкхаш Ас кІур бина ягор ю. Хьан лоьман кІорнеш туьро юур ю. Хьан хІонс а дІайоккхур ю Ас лаьтта тІера. ХІинца чул тІаьхьа кхин хезар дац хьан геланчийн аьзнаш». «Декъаза ву цІий тІехь гІала хІоттош верг, харцдолчуьнца чІагІонаш дІахІиттош верг!»
Выбор основного перевода