Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Хьуна тІе ши бохам беана – хьан бийр бу хьуна синтем? ЧІанадаккхар а, хІаллакдар а, мацалла а, туьра кІел дахар а – и дерриге а хьуна тІе деана – хьан дог Ас хьаьнгахула оьцур ду? Цхьаммо а хьох къинхетам бийр бац, Ярушалайм, цхьа а стаг, дог доьхна, воьлхур вац, я хьоьгахь хІун хьал ду аьлла, хоттур а дац. «Тхо иза тобан гІиртира, амма цунна дарба ца хилира. Бита иза, хІора а вайн махка дІагІур ду вай, хІунда аьлча цунна йина йолу кхел стигалшка хьалакхаччал ю, иза мархашна тІе хьалаяллал ю». Нунав-гІалина дуьхьал Делера болу хаам. Элкхушахо волчу Нахьумна Дала хІоттийначу суьртах лаьцна долу тептар. Нунав-гІала ша мел ю хих буьзна Іам санна яра, ткъа хІинца цуьнан нах бовду. Совцийша! Совцийша! Амма цхьа а юха ца хьожу. Шен куьг къилбаседехьа а кховдийна, Цо Ашур-мохк хІаллакбийр бу. Нунав-гІаланах, яссийна саьлнаш а йина, гІум-аре санна, екъа меттиг йийр ю.
Выбор основного перевода