Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалхарчу а, ворхІалгІачу а дийнахь беза гулам дІахІотто беза аша. Цу деношкахь цхьа а тайпа болх бан мегар дац, яа хІума кечъяр бен. Безачу гуламе цу дийнахь нах схьакхайкха, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Шун тІаьхьенашна, миччанхьа уьш Іаш белахь а, гуттаренна а тІедуьллуш ду иза. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе, Везачу Элана лерина сагІа даккха цу дийнахь“». Хьалхарчу дийнахь беза гулам дІахьо, вукху деношкахь санна болу болх ма бе. ВорхІ дийнахь Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа даккха. БархІалгІачу дийнахь безачу гуламе нах а кхайкха, Везачу Элана цІера тІехь сагІа а даккха. Иза динан гулам бу, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу хенахь. Цу дезачу денойн хьалхарчу дийнахь беза гулам дІахІотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. ЦІера тІехь даьккхина сагІа санна, Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран иштта сагІа даккха: ши старгІа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхІ Іахар а. Уьш тІехь цхьа а сакхт доцуш хила беза. Иштта цаьрца цхьаьна кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кІен дама а кечде: хІора старгІица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, ткъа ворхІ Іахарх хІоранца бархІ кад дама. Къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дІадахаран Іадат кхочушдархьама. ХІора дийнахь, шаьш дохучу Іуьйренан дагоран сагІанел совдахий дахалаш хІара сагІанаш. Иштта кІиранан хІора дийнахь кечделаш шайх йогІу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу а, цІера тІехь даьхна долу а хІара кхачанан сагІанаш. Шаьш хІора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагІанел совдахий даха и сагІанаш. Цул тІаьхьа ворхІалгІачу дийнахь а беза гулам дІахІотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе».
Выбор основного перевода