Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дІаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде. Дуьххьара схьаэцначу ялтех долу совгІат санна дан мегар ду уьш Везачу Элана лерина, амма тамехь хьожа яийта кхерча тІехь даго мегар дац. Цул сов, морзанна тІехь дина бепиг а схьадан деза цо, баркаллина бертан сагІа доккхуш. Везачу Эло Мусага элира: «Исраилан халкъе иштта дІаала: „Аса шаьш дІадуьгучу махка шу чудевлча, цу лаьтто луш долу сурсаташ шаьш дуучу хенахь, цунах цхьа дакъа Везачу Элана лерина сагІина дІало. Хьалхарчу бедах шаьш бепиг доттучу хенахь, цхьа бепиг Везачу Элана лерина сагІина ло. Иза хьаьттара даьккхина совгІат хир ду Везачу Элана.
Выбор основного перевода