Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас, Сайн оьгІазло цунна дуьхьал а яссийна, шен халкъана юкъара дІаэккхор ву и стаг, хІунда аьлча цо, шен бераш Мулкана дІа а луш, Сан цІа бех а дина, Сан сийлахь цІе сийсаз а йина. Ас-Айса Сайн оьгІазло яссор ю цунна а, цуьнан гергарчарна а, Суна цатешаме а долуш, цуьнца цхьаьна Мулкана Іибадат деш болчарна массарна а дуьхьал. Аса уьш шайн халкъана юкъара лохкур бу. Суна тешаме а боцуш, беллачийн синош тІедоьхуш волчунна а, жинашца тайначунна а тІеоьхуш болчарна дуьхьал Ас сайн оьгІазло яссор ю, уьш шайн халкъана юкъара дІа а эккхор бу.
Выбор основного перевода