Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мохь динан дас кхерча тІехь ягор ю, ткъа некха тІера жижиг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дуьсур ду. Бертан сагІанах долу дийнатан аьтту гІогІ совгІатна динан дена дІадала деза. АхІаронан кІентех бертан сагІа, цІий а даьккхина, мохь а ягийна, кхочушдинчунна дІадала деза аьтту гІогІ. ХІунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагІанах шатайпа сагІина луш долу некхан жижиг а, совгІатна луш долу аьтту гІогІ а, схьа а эцна, АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дІадала дезаш ду. Цо и цІов, шатайпа сагІа санна, Везачу Элана хьалха хьалаойур бу, Иза шуна резахилийта. Шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу дийнахь и ялтин цІов Везачу Элана хьалха хьалаойур бу цо. Иштта, уггаре а тоьлла долу дерриге а зайтдаьтта а, дерриге а керла даьккхина долу чагІар а, Суна, Везачу Элана, лерина халкъо дахьаш долу кІа а, цо дуьххьара схьагулдечу сурсатех деанарг а Аса хьуна дІало. Иштта дуьххьара гулдина ялта а, даьккхина чагІар а, даьтта а, уьстагІашна тІера дуьххьара лергина тІаргІа а дІало царна.
Выбор основного перевода