Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ВорхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь аша беза гулам дІахІоттабе. Кхечу деношкахь санна болу болх а ца беш, Везачу Элана лерина долу и дезде ворхІ дийнахь дазде аша. Шех хаза хьожа йогІу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагІа даккха цІера тІехь: кхойтта старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта боьрша Іахар а. И дийнаташ шайна тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца цхьаьна кІен сагІина лерина хІора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кІен дама а кечде: кхойтта старгІанах хІоранца ткъе биъ кад дама, шина коьмах хІоранца ялхитта кад дама, бейтта Іахарх хІоранца бархІ кад дама. Къинан сагІина лерина яло еза цхьа бож. Уьш хир ду аша хІора дийнахь дохучу дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьхна дохуш долу сагІанаш. ШолгІачу дийнахь яло еза шийтта старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш шайна тІехь сакхт доцуш хила деза. СтаргІанашца а, койшца а, Іахаршца а цхьаьна, церан терахье хьаьжжина, кІен а, чагІаран а сагІанаш даха, шайна тІедиллина ма-хиллара. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. КхозлагІчу дийнахь яло еза цхьайтта старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца цхьаьна дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина долу хІума, ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина, Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. ДоьалгІачу дийнахь яло еза итт старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш шайна тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца а дан деза кІен сагІина а, чагІаран сагІина а лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина, хила деза иза. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. ПхоьалгІачу дийнахь яло еза исс старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца а дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, сагІина лерина ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина дан деза иза. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. ЙолхалгІачу дийнахь яло еза бархІ старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина дахьаш дерг. Иза хила деза, Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. ВорхІалгІачу дийнахь яло еза ворхІ старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца а дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, сагІина лерина ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина хила деза иза. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. БархІалгІачу дийнахь беза гулам дІахІоттабе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Шех хаза хьожа йогІу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагІа даккха цІера тІехь: цхьа старгІа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхІ Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, сагІина лерина ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина, дан деза иза. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина, къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. Іезара хьалхарчу дийнахь дуьйна тІаьххьара де тІекхаччалц, Делан товрат-хьехамаш тІехь болу тептар доьшура царна. ВорхІ дийнахь лаьттира и деза денош. БорхІалгІачу дийнахь, товрат-хьехамаш тІехь ма-аллара, уьш вовшахкхийтира леррина дІахІоьттинчу гуламе. Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тІаьххьарчу дийнахь Іийсас, дІа а хІоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тІе а дуьйлий, мала шайна.
Выбор основного перевода