Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу дезачу деношкахь сакъера – аша а, шун кІенташа а, йоІарша а, шун леша а, гІарбашаша а, шун гІаланашкахь Іаш болчу левихоша а, тІебаьхкинчу наха а, байша а, бисинчу зударша а. ВорхІ дийнахь шайн Веза Дела лоруш дазделаш и денош, Везачу Эло къастор йолчу оцу меттехь. Кхоччуш сакъералуш хилалаш, хІунда аьлча шун Везачу Дала аш ялта чудерзоран балхана тІехь а, шун куьйгаша мел дечу гІуллакхашна тІехь а декъалдина ду шу. Массо а халкъо, Ярушалаймехула а, шайн гІаланашкахула а чекх а долуш, баха дезара: «Лаьмнашкахь болчу махка а гІой, цигара зайт-диттан а, акхачу зайт-диттан а, хурма-диттан а, дукха гІаш долуш долчу диттийн а, ІиндагІ луш долчу диттийн а генаш схьадан деза, царах, товрат-хьехамаш тІехь ма-аллара, кхалораш ян а еза». Халкъо, ара а даьлла, шега ма-аллара, генаш а деана, царах шайна кхалораш йира. Цара уьш шайн шерачу тхевнаш тІехь а, шайн уьйтІахь а, Делан цІийнан кертахь а, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданахь а, иштта Эпраман кевнна хьалха йолчу майданахь а йира. Массо а йийсарера юхабирзинарш, шайна кхалораш а йина, цу деношкахь цу кхалораш чохь Іийра. Нунин кІант ЮшаІ ваьхначу хенахь дуьйна хІара денош тІе кхаччалц исраилхоша и дезде иштта даздина дацара. Массо а стаг чІогІа сакъераделла вара. Іезара хьалхарчу дийнахь дуьйна тІаьххьара де тІекхаччалц, Делан товрат-хьехамаш тІехь болу тептар доьшура царна. ВорхІ дийнахь лаьттира и деза денош. БорхІалгІачу дийнахь, товрат-хьехамаш тІехь ма-аллара, уьш вовшахкхийтира леррина дІахІоьттинчу гуламе.
Выбор основного перевода