Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалхарчу а, ворхІалгІачу а дийнахь беза гулам дІахІотто беза аша. Цу деношкахь цхьа а тайпа болх бан мегар дац, яа хІума кечъяр бен. ХІорш ду Везачу Элана лерина кхидолу деза денош, шайн-шайн хенашкахь билгалдаьхначу гуламашца“». (Иштта ду Везачу Элана лерина деза денош. Цу деношкахь безачу гуламашка нах а кхайкха, шен-шен дийнахь цІера тІехь сагІанаш а даха: дийнаташ дагоран а, кІен а, бертан а, чагІаран а сагІанаш. Иштта Мусас исраилхошна дийцира Везачу Элан дезачу денойх лаьцна. И ши турба лекхча, Делан четарна чуволучохь гуллур ду дерриг а халкъ. Бутт а цІинбелла, я кхин долу деза денош тІе а хІиттина, шайн самукъане хан елахь, цунна лерина дийнаташ дагоран а, барт баран а сагІанаш шаьш дохучу хенахь турбанаш лакха. Иза шун Далла шу дагадаийтар хир ду. Со Веза Эла волу шун Дела ву». Иштта, шайн динан дезачу деношкахь цу тайпана дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а, бертан а сагІанаш даха. Шаьш йина чІагІо кхочушхилийтархьама я шайн деган лаамца дохучу сагІанел совдахий даха и сагІанаш».
Выбор основного перевода