Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дІаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде. Хьайн арара дуьххьара гулдина ялта хьайн Везачу Делан цІийне да. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде». Дуьххьарлера ялта схьаэцаран „ШавуІот“ цІе йолу деза де а, шо чекхдолуш ялта чудерзоран деза де а лара. Хьайн лаьтто дуьххьара белла стоьмаш хьайн Везачу Делан цІа чу схьаба. Буьхьиг шен ненан шури чохь ма кхехкае». «Исраилан халкъе, дІахьедар а деш, дІаала: „Аса шуна лун долчу а, шаьш цигахь Іийр долчу а лаьтта тІе шу дахача, «Исраилан халкъе иштта дІаала: „Аса шаьш дІадуьгучу махка шу чудевлча, «Шун Везачу Дала шуна кхочуьйтур долчу лаьтта тІе а даьхкина, и латта шайн дола а даьккхина, шу цигахь даха охьахевшича, шун Везачу Дала шуна луш болчу мехкан лаьтто кхиийна мел долчунна тІера дуьххьарлерчух цхьадерг, схьа а эцна, тускар чу дилла. Цаьрца шун Везачу Дала Ша Іайтархьама къастор йолчу метте дІагІо. Оцу деношкахь гІуллакх деш хин волчу динан дена тІе а гІой, аш иштта дІаала: „Ас тахана шун Везачу Далла хьалха дІахьедо, Везачу Эло тхан дайшна, ваІда а дина, лур ду аьллачу лаьтта тІе со схьавеана хилар“, – алий.
Выбор основного перевода