Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дІаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде. «ВорхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь аша беза гулам дІахІоттабе. Кхечу деношкахь санна болу болх а ца беш, Везачу Элана лерина долу и дезде ворхІ дийнахь дазде аша. Кхалораш кІелахь Іе ворхІ дийнахь. Исраилан махкахь дина долу муьлхха а стаг а, зуда а кхалор кІелахь Іен деза. Шун тІаьхьенашна хуур ду тІаккха, исраилхой Мисар-махкара арабаьхча, Ас кхалораш кІелахь баха охьаховшийний. Со шун Веза Дела ву“». «Кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош ворхІ дийнахь дазде, шаьш аренаш тІера ялта хьаькхна девлча а, шайн муттдоккхургашна чуьра чагІар схьадаьккхина девлча а. Везачу Эло Муса-пайхамарехула Ша белла болу товрат-хьехамаш толлучу хенахь царна хІара карийра: шеран ворхІалгІачу беттан дезде даздечу хенахь Исраилан халкъ кхалораш чохь Іан дезара.
Выбор основного перевода