Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шуна гуттаренна а тІедуьллуш ду хІара хІума: ворхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь массо а хІума шайна доьхкуш, марха а кхаба, цхьа а тайпа болх а ма бе. Кхузахь Іаш волчу исраилхочо а, шуна юкъахь тІевеана Іаш волчу стага а ма бе цу хенахь болх, хІунда аьлча цу дийнахь шун къинош дІадохур ду, шу цІандархьама. Иштта шайн массо а къинойх Везачу Элана хьалха цІена хир ду шу. «Оцу ворхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь аша беза гулам дІахІоттабе. Массо а хІуманна тІера марха а кхобуш, цхьа а тайпа болх ма бе цу дийнахь. Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа йогІу дийнаташ дагоран сагІа даккха: цхьа старгІа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар а бай. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза.
Выбор основного перевода