Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Муса-пайхамарехула Ша белла болу товрат-хьехамаш толлучу хенахь царна хІара карийра: шеран ворхІалгІачу беттан дезде даздечу хенахь Исраилан халкъ кхалораш чохь Іан дезара. Массо а халкъо, Ярушалаймехула а, шайн гІаланашкахула а чекх а долуш, баха дезара: «Лаьмнашкахь болчу махка а гІой, цигара зайт-диттан а, акхачу зайт-диттан а, хурма-диттан а, дукха гІаш долуш долчу диттийн а, ІиндагІ луш долчу диттийн а генаш схьадан деза, царах, товрат-хьехамаш тІехь ма-аллара, кхалораш ян а еза». Халкъо, ара а даьлла, шега ма-аллара, генаш а деана, царах шайна кхалораш йира. Цара уьш шайн шерачу тхевнаш тІехь а, шайн уьйтІахь а, Делан цІийнан кертахь а, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданахь а, иштта Эпраман кевнна хьалха йолчу майданахь а йира.
Выбор основного перевода