Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьххьарчу ялтех кІен сагІа доккхуш делахь, цІера тІехь дакъийначу кенех даьхна аьтта долу буьртигаш да. Царна тІе зайтдаьтта а дотта, ливан цІе йолу сегІаз а дилла. Иза кІен сагІа ду. Динан дас буьртигийн цхьа дакъа – зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а эдина – дагор ду. И дерриге а Везачу Элана лерина сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. Иза Везачу Элана цІера тІехь даьккхина сагІа ду».
Выбор основного перевода