Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, даьхнино а, шун хІусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхІалгІачу дийнахь садаІа, хьайн стеран а, виран а синтем хилийтархьама а, хьайн гІарбашан кІанте а, тІевеанчу стаге а садаІийтархьама а. «ДІаала исраилхошка иштта: „Сан шоьтан садоІу денош ларде, хІунда аьлча тІейогІуш йолчу тІаьхьенашна иза Суна а, шуна а юкъахь шатайпа билгало хир ю шуна хаийта, шух деза халкъ деш волу Веза Эла Со вуйла. Шоьтан садоІу де ларде, хІунда аьлча иза шуна деза ду. Иза сийсаздинарг вуьйр ву, цу дийнахь болх беш верг шен халкъана юкъара эккхор ву. Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхІалгІа де – Везачу Элан дуьхьа дІакъастош долу дуьззина садаІаран шоьтан де ду. Шотдийнахь болх беш верг муьлхха а вен веза. Массо а хенахь исраилхоша лардан деза шоьтан садоІу де, шайн тІаьхьенашкахь а иза лоруш, гуттар а хир болу барт санна. Иза Суна а, Исраилан халкъана а юкъахь йолу шатайпа билгало ю ерриг а тІейогІу йолчу ханна, хІунда аьлча Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигал а, латта а, ткъа ворхІалгІачу дийнахь Цо, Ша динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, садаьІна“». Ялх дийнахь болх бе, ворхІалгІачу дийнахь садаІа. Ур-атталла ялта дІадуьйчу а, чудерзочу а хенахь цу дийнахь садаІа. ХІора а шайн нене а, дега а болчу ларамах вуьзна хила, Суна лерина шоьтан денош а ларде. Со шун Веза Дела ву. Шун Везачу Дала тІе-ма-диллара, шоьтан де ларде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, шун стеро а, виро а, шун хьайбанех цхьаммо а, шун гІаланашкахь ваха тІевеана волчо а цхьана а тайпана болх ма бе, хІунда аьлча шу санна шун лено а, гІарбашо а садаІа деза. Диц ма делаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла хилар, ткъа шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца а, Шен дІакховдийначу пхьаьрсаца а шу арадаьхна хилар. Цундела шоьтан садоІу де лардан шуна тІедиллина шун Везачу Дала.
Выбор основного перевода