Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хьайна дато ши турба е, халкъ гуламе кхайкха а, меттамотт хуьйцуш нахе хаийта а. Бутт а цІинбелла, я кхин долу деза денош тІе а хІиттина, шайн самукъане хан елахь, цунна лерина дийнаташ дагоран а, барт баран а сагІанаш шаьш дохучу хенахь турбанаш лакха. Иза шун Далла шу дагадаийтар хир ду. Со Веза Эла волу шун Дела ву». «ВорхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь, аша беза гулам дІахІоттабе. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. Локхучу маІийн деза де хир ду шуна. Цул тІаьхьа, ворхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь берриг а шайн махкахь Къинош дІадахаран де дІакхайкхаде, маІа а локхуш.
Выбор основного перевода