Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІароне Мусас элира: «СагІа доккхучу кхерчана тІе а гІой, хьайна тІера къинан сагІа а даккха, дийнаташ дагоран сагІа а кхочушде, ахьа а, халкъо а летийна къинош дІадахархьама. Халкъо деана совгІаташ схьаэца, наха летийна къинош дІадахархьама, Везачу Эло тІе-ма-диллара». Цундела нахана а, шена а тІера даха деза цо сагІанаш шаьш летийначу къинойх. Динан вукху коьртачу дайн санна, хІора дийнахь цкъа хьалха Шена тІера, юха нахана тІера сагІанаш даха ца деза Цуьнан, хІунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагІа, Ша дІа а велла. Товрат-хьехамца динан коьрта дай кху дуьненан нах хІиттабора, адамийн ледарлонаш церан елахь а. Ткъа товрат-хьехамал тІаьхьа еанчу дуйнан чІагІоно динан коьрта да хІоттийра гуттаренна а кхачаме вина волу Делан КІант. ШолгІачу цІа чу шарахь цкъа динан коьрта да воьду. Цо шеца цІий дахьа деза чувоьдуш, шена а, халкъо ца хууш летийначу къиношна а тІера даьккхина долу.
Выбор основного перевода