Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Хаза хьожа йогІу сегІазаш схьаэца: стакти а, оних а, халван а, цІена ливан а цІе йолу хІуманаш. Ерриг а цхьана барамехь хила еза. АхІаронан кІенташа, Надаба а, АбихІус а, хІораммо а богуш болу кІора дІасабахьа шен ной схьа а эцна, цу чу цІе а, хаза хьожа йогІу хІума а йиллира. Амма Цунна хьалха цара еана цІе хийра яра, хІунда аьлча Везачу Эло царна тІе ца диллинера ишттаниг дан. Мусас АхІароне элира: «Хьайн ной схьа а эцна, цу чу хаза хьожа йогІу сегІаз а, кхерча чуьра богуш болу кІора а биллина, сихонца халкъана тІе а вахана, ахьа царна тІера къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза, хІунда аьлча Везачу Элера оьгІазло схьаяьлла, халкъана цамгаран ун кхетийтина». ТІаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІоьттира. Иштта алссам хьожа йогІу хІума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доІанашца цхьаьна, Делан Іаршана хьалха лаьтташ болчу сагІа доккхучу дашо кхерчана тІе Далла лерина долчу сагІина охьайиллархьама. Малико и яй, схьа а эцна, дашочу кхерчана тІера йогуш йолчу цІеран кІегийх буьзира. ТІаккха цо уьш лаьтта охьатийсира. Царах гІовгІа а елира, ткъес а туьйхира, стелахаьштигаш а серладийлира, мохк а бегийра.
Выбор основного перевода