Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагІина стага жимачу даьхних – уьстагІех я гезарех – даккхахь, иза цхьа а сакхт доцу боьрша дийнат хила деза. ‘Нагахь Везачу Элана лерина гІуллакх дан къобалвинчу динан дас къа а латийна, и бахьана долуш халкъ бехке хиллехь, ша латийначу къинна цхьа а айп доцу къона старгІа ялае Везачу Элана сагІина лерина. ШолгІачу цІа чу шарахь цкъа динан коьрта да воьду. Цо шеца цІий дахьа деза чувоьдуш, шена а, халкъо ца хууш летийначу къиношна а тІера даьккхина долу. Динан дайн тайпа хийцалуш хилча, Далла гІуллакх муха дан деза дуьйцу хьехам а хийцабала безаш бу. Ткъа Іийса гуттар а хиларна, динан дас санна Цо Далла гІуллакх дар а хедар доцуш ду. Цундела Шегахула Далла тІевогІург Цуьнга кхоччуш кІелхьарваккхало, хІунда аьлча Иза гуттар а дийна ву, Цо доІанаш дийр ду Ша кІелхьарбохучарах.
Выбор основного перевода