Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна дерриге а Исраилан халкъо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тІедехкина парзаш а талхош, дан ца мегарг дахь, иза бехке хир ду. Шайн къинах дерг хиъча, наха дерриг а халкъана тІера къинан сагІина къона старгІа яло еза. Везачу Элан четарна хьалха дІахІотто еза иза. Халкъана юкъара къаноша, шайн куьйгаш стеран коьрта тІе а дехкина, урс хьакха деза цунна Везачу Элана хьалха. Везачу Элана лерина гІуллакх дан къобалвинчу динан дас стеран цІий гуламан четарна чу дахьа деза. Шен пІелг стеран цІий чохь баша а бина, Везачу Элана хьалха – Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь – ворхІазза цинцаш дІатоха деза динан дас. Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь лаьттачу, тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчан маІех цІий хьакха деза цо, ткъа дисна цІий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу, тІехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тІе охьадотта деза. Ерриг а мохь, стеран чорха чуьра схьа а яьккхина, кхерча тІехь яго еза. Къинах долчу сагІина йийначу старгІица диннарг дан деза кху старгІица а. Иштта динан дас царна тІера къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала царна гечдийр ду. СтаргІа, меттаматтал арахьа а яьккхина, яго еза, хьалхалерниг санна. Иза халкъо латийначу къинах долу сагІа ду. Ша къа латийнийла хиъча, сагІина цхьа а айп доцу бож яло еза цо. Къинош дІадахаран Іадат кхочушдечу хенахь шаьш дохучу къинан сагІанел а, хІора дийнахь аша дохучу дийнаташ дагоран а, цаьрца дохучу кІен а, чагІаран а сагІанел сов цхьа бож къинах долу сагІа санна яккха еза аша».
Выбор основного перевода