Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІаронна дина деза духарш цуьнан кІенташна дуьсур ду, и духарш шайна тІехь а долуш, уьш, тІе даьтта а дуттуш, Суна леррина гІуллакх дан къобалбархьама. ВорхІ дийнахь и духарш лело деза АхІаронан метта веанчу цуьнан кІентех волчу а, гуламан четаран езачу чоьнахь Суна гІуллакх дан цу чу воьдун волчу а динан дас. Дуткъачу кІадих йина еза коч тІеюха еза цо тІе, дуткъачу кІадих йина чухула юху хІума а, доьхка а, чалба а хила еза цунна тІехь. Уьш деза духарш ду, шен дегІ хица дила а дилина, юха еза цо уьш тІе. АхІаронна тІера бедарш схьа а яхий, уьш цуьнан кІантана ЭлиІазарна тІеюха. Цигахь АхІарон кхелхар ву». АхІаронна тІера бедарш, схьа а яьхна, ЭлиІазарна тІеюьйхира Мусас. Цигахь, лам тІехь, АхІарон кхелхира, ткъа Муса а, ЭлиІазар а лам тІера чувоьссира.
Выбор основного перевода