Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен сино бала хьегначул тІаьхьа, Цунна юха а дахаран серло а гур ю, Шена тосаделлачуьнгахула Ша тІекхаьчначунна Иза реза а хир ву. Нийсаверг волчу Сан Ялхочо дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу, церан къинош Шена тІехь дІа а хьур ду. Цундела Ас сийлахьчарна юкъахь дакъа лур ду Цунна, ондачаьрца ижу йоькъур ю Цо, Цо Шен дахар Іожаллина дІадаларна а, зуламхойх Иза дІатоьхна хиларна а. Цо дуккха а болчеран къинош дІа а даьхьира, зуламхошна тІера доІанаш а дора. иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша цкъа сагІина дІавелла хилла, дуккха а адамийн къинош Шена тІеэцархьама. Ткъа Иза шолгІа, къинош дІадаха а ца вогІуш, Шега сатуьйсуш болчеран дуьхьа кІелхьардахар тІеэцархьама вогІур ву.
Выбор основного перевода