Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
НегІар тІорказна тІедилла. ТІорказ чу Ас хьайна лун йолу а, бертан тоьшаллина йолу а экъанаш яхка. Тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негІарна тІехула хьуна дуьхьал а вогІур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тІедуьллур ду Ас хьоьгахула». Къинна дуьхьал даьккхинчу сагІин цІий а эцна, шарахь цкъа АхІарона оцу кхерчан маІаш тІе хьакха деза и цІий, кхерч цІанбархьама. Шуна тІаьхьенна гуттаренна а шарахь цкъа кхерч иштта цІанбан безаш бу. Везачу Элана хьалха уггар беза кхерч бу иза». Делан четарна гонах марха хІоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира. Динан дай оцу езачу чоьнна чуьра арабевлча, Везачу Элан цІа чохь марха хІоьттира. И Везачу Элан цІа Цуьнан олаллин нуьрах дузарна, кхин дІа шайн гІуллакх дан ца делира динан дайшка. ТІаккха Сулим-паччахьо элира: «Везачу Эло малх кхоьллина стигалахь иза къагийта, ткъа Шен боданехь Іан лаам бу аьллера Цо. ТІорказна тІехула тІемаш а даржийна, къинош дІадохучу меттехь сийлаллин каруб-маликаш дара лаьтташ. ХІинца и дерриг а ма-дарра дуьйцийла яц вайн. ШолгІачу цІа чу шарахь цкъа динан коьрта да воьду. Цо шеца цІий дахьа деза чувоьдуш, шена а, халкъо ца хууш летийначу къиношна а тІера даьккхина долу. Дукхазза а Ша сагІина дІавала ца ваьлла Иза стигала хьала, хІора шарахь а шен доцу цІий а оьций, Делан цІийнан уггар езачу чоьнна чу воьду динан коьрта да санна. Иштта, вежарий, Іийсан цІий бахьана долуш Делан стигалахь йолчу цІийнан уггар езачу чоьнна доьналла долуш чудаха аьтто бу вайн.
Выбор основного перевода