Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стеран неІ а, цуьнан дерриг жижиг а, корта а, когаш а, чоко а, боьхаллаш а меттамотт болчуьра арахьа, Далла хьалха цІена йолчу метте а яьхьна, чим дІакхуссучохь, дечиган цІера тІехь яго еза. Чим дІакхуссучохь яго еза уьш. СтаргІа, меттаматтал арахьа а яьккхина, яго еза, хьалхалерниг санна. Иза халкъо латийначу къинах долу сагІа ду. Нагахь Езачу Меттехь адамийн къинош дІадахархьама, къинах долчу сагІин цІий гуламан четарна чу даьхьнехь, и сагІа даа мегар дац. Иза цІера тІехь даго деза». Къинах долчу сагІина дайинчу дийнатийн цІий динан коьртачу дас Делан цІийнан уггар езачу чоьнна чу хьо, ткъа церан чархаш меттаматтал арахьа ягайо.
Выбор основного перевода