Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза садоІу шоьтан де ду шуна. Цу беттан уьссалгІачу дийнахь сарахь дуьйна, массо а хІума шайна доьхкуш, марха кхаба. УьтталгІачу дийнан суьйре тІекхаччалц ларде шайн садоІу шоьтан де». Наха хоьтту: «Оха марха кхобу, Хьуна хІунда ца го иза? Тхо кІезиг хилар гойту оха, цуьнан тидам хІунда ца бо Ахь?» Везачу Эло боху цаьрга: «Шаьш марха кхобучу дийнахь шайн лаам кхочушбо аш, кхечарна а хала белхаш бар тІедуьллу. Иштта дуй те Суна лууш долу марха, стага шена ницкъ бен а, маргІало санна, шен корта охьатаІабен а, шена кІел сингаттаман бедарш а, чим а туьйсу де? Цунах олу ахь марха долу а, Везачу Элана дезаш долу а де?
Выбор основного перевода