Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана хьалха старгІина урс хьакха деза цу стага, цул тІаьхьа АхІаронан кІентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагІа доккхучу кхерчана массо а агІор тІетоха деза цу бежанан цІийн цинцаш. Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь лаьттачу, тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчан маІех цІий хьакха деза цо, ткъа дисна цІий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу, тІехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тІе охьадотта деза. Божан коьрта тІе куьг а диллина, дийнаташ дагоран сагІина далийна бежанаш дойучу меттехь цунна урс хьакха деза цо Везачу Элана хьалха. Иза къинах долу сагІа ду. Динан дас шен пІелгаца схьаэцна долу бежанан цІий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маІех, ткъа дисина цІий цу кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. Цунах схьадаьллачу цІийх цхьажимма сагІа доккхучу кхерчан еа маІана тІе а, иштта цуьнан беа соне а, цунна гонах болчу хІазарна тІе а хьакха. Иштта, цІан а бай, базбе иза. ШолгІачу дийнахь, тІехь цхьа а сакхт доцу бож гезаршна юкъара схьа а эций, къинойх долу сагІа даккха цунах хьалха санна, сагІа доккху кхерч цІанбе, стараца ма-цІанбарра.
Выбор основного перевода